Футболан чемпионат йоьдуш 30 лор хир ву болх беш "Ахмат-Аренехь"
Нохчийн лоьраш хIора денна тренингаш а еш кечлуш бу Дуьненаюкъарчу Футболан ассоциацин (FIFA) аттестацех чекхбовла. Цул тIаьхьа церан болх бан бакъо хир ю кху аьхка Оьрсийчохь Дуьненан футболан чемпионат дIайоьдуш.
Мисаран футболан тоба туп тоьхна хир ю Соьлж-ГIалахь. Цу тайпачу турнирехь дуьххьара дакъалоцуш ю иза кху тIаьхьарчу 28 шарахь.
Оьрсийчоьнан къилбехь футболан чемпионатан ловзарш хир ду Ростох а, Сочехь а, Волгогадехь а. Ессентукехь дIатарйина хир ю 2018-чу шеран Дуьненан чемпионатехь дакъалоцуш йолу Нигерин футболан тоба.