Шемахь дина тохарш къобалдина цхьа могIа пачхьалкхийн лидерша
Шемарчу Дума гIалахь химин герз лелорна дуьхьал тоьхна ракеташ нийса хеттера цхьа могIа Малхбузерчу пачхьалкхийн лидершна: Германин канцлерна Меркел Ангелна а, Канадан премьер-министрна Трюдо Джастинна а, Испанин премьер-министрна Рахой Марианона а, иштта Туркойчоьнан президентна ЭрдогIан Реджепна а, Еврокомиссин куьйгалхочунна Туск Дональдна а.
Цара массара а билгалдаьккхира, тохарш химин герзаца йоьзначу объекташна дина хилар.