Путин: Iамерко а, цуьнан бартхоша а дина ракетийн тохар - Шемана дуьхьал йина агресси ю
Оьрсийчоьнан лидеро бахарехь, Iамерко кхи тIе а карзахйоккхуш ю Шемара гуманитаран катастрофа, ткъа динчу тохарша маьршачу бахархошна гIело йо. Иштта Путина дIахьедина, Оьрсийчоьно цIеххьашха дийцаршка кхойкхуш хилар ООН-ан кхерамзаллан кхеташо. Президентан дешнашца, цигахь дийцаредан лерина "Iамеркан а, цуьнан бартхойн а агрессин тIелатарш" .
ПIераскан буса Iамеркан тIеман кеманаша Великобританин, Францин гIоьнца ракеташца тохарш дина Шеман гIишлошна.
Меттигера бахархой а бойуш, Шемарчу Дума гIалахь химин герзаш лелорна Малхбузенан пачхьалкхаша бехкедо Асад Башаран Iедал а, Оьрсийчоь а, ГIажарийчоь а. Демаьшкас а, Москоха а тIе ца дуьту шаьш бехке хилар.