Буденновскехь хилла аьлла тоьхна хенаш "охьаяьхна" кхело
Шиммо а тIе ца лаьцна дехкина бехкаш, церан адвокаташа а чIагIонаш йора уьш гунахь цахиларх. ТIаьххьара дош делла, вистхуьлучу Маздаевс "тхуна тоьхначул хан йоккхийла аш набахтехь, тхан доьзалша тхуна санна сагатдойла шун бераша шуна а" аьлла прокурорашка а, кхелахошка. "Европан кхеле латкъам бан беза, вайн пачхьалкхехь бакъоне сатуьйсийла а яц", - аьлла, тIе а тухуш.
Беляловн алиби ю, боху цуьнан адвокато. Ткъа ша Беляловс чIагIдарехь, Буденновскана тIелатар деш иза хилла Башкирехь гIишлош ечу балхахь.
Ша бехке хилар тIе ца дуьту Беляловца цхьаьна кхеле озийначу Маздаев Мохьмада а. Талламхойн версица, Белялов а, Маздаев а дакъалоцуш хилла I995-чу шарахь Мангал-баттахь Басаев Шемал коьртехь волчу тIемалойн тобано Буденновск дIалоцуш.
Сан вешин, Белялов Рамзанан бехк цахиларх дуккха а ду тоьшалла аьлла, видеоинтервью еллера Маршо Радиона цуьнан вашас, Белялов Халида.