Хазбиевн адвокаташа Лакхарчу кхеле латкъам бина
"Хазбиев лаьцна латто везаш хиларан тоьшаллаш даладе кхелана аьлла, оха дехарш дарх, дацара церан маьIне, бух болуш тоьшаллаш. Стенна оьшу Хазбиев чохь валло аьлла, кхелахочо хаттар дича, лингвистикан экспертизех материалаш схьакхаьчначул тIаьхьа хеттарш ду цуьнга дан дезаш элира талламхочо. Кхи ладам боллуш бахьана дацара цуьнан", - аьлла "Кавказан узел" агенталле дийцина Ибриева Хедас.