Добавить новость
World News in Chechen





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


Нохчийн спортхой-рекордсменаш

Дуьненаюкъарачу Спортан Дийнахь Маршо Радионо карлайоху нохчийн къам спортехь сийлаллин дарже кхачийна цIерш


Массарел лекха спортхо

Ахтаев Увайс, баскетболхо, вина 1930 шарахь Шуьйтан кIоштарчу Вашандарахь.


Юьхьанца Увайса ша зийра 1946-чу шарахь Львовехь хиллачу институтийн, техникумийн спартакиадехь диск кхуссуш. Амма рогIерчу шарахь иза вахара ша доьшучу Алма-Атара Ленинградерчу спартакиаде баскетболхо санна.


Шен заманахь Советан пачхьалкхехь уггаре лекха спортхо вара Увайс - 2 метр 36 сантиметр. Цуьнан мачаш а яра 58-гIачу барамехь. Иза декъахь хиларо баскетбол массарна а езачу спортан могIара яьккхира Казахстанехь. "Гулливере" хьовса богIучу нахах йоккхий хуьлура даима а баскетболах ловзу чоьнаш.


Депортаце хьажийначу къомах хиларна пачхьалкхан лакхарчу спорте ца кхачийтира Ахтаев. 1952-чу шарахь ХIелсинкерчу олимпиаде вохуьйтуш вара иза пачхьалкхан дайх ларалучу Берия Лаврентийс, амма цо шена, нохчо а воцуш, кхечу къомах ву аьлла яздина паспорт схьа ца эцча, юхаяьккхира цуьнан кандидатура.  1954 шарахь баскетболан лаккхарчу тобане язвина иза – ца ловзийтина цкъа а.


Казахстанера даймахка юхавирзича божарийн а, зударийн а баскетболан тобанаш Iамош вара Ахтаев. Нохчийчоьнан оцу шина а тобано хьалхара меттигаш бохура ерриг а Кавказехь, зударийн тоба къийсалора пачхьалкхан лакхарчу лигехь.


Кхелхина 1978 шарахь. Ша валале Увайса дехнера бохуш дуьйцу, дийна волуш шега хьовса хьаьгначу наха хьийзавора ша, тIаьхьабовлий, велча, беха ца хIоттош, массарна а санна хIоттабахьара аш шена кошан барз, аьлла.


ТIаьхье яц. Бер ца хилла Ахтаев Увайсан.


Хьалхара дуьненан чемпион

Бисултанов Асламбек вина 1956 шарахь. ЦIера Ширачу Соьлжара вара. Охьатохарх паргIатчу кепехь леташ 1977 шарахь велира дуьненан чемпион. И дарж цо караийцира финалан латар доладеллачу 16-чу секундехь немцо Бюттнер Харальд эшорца. Нохчех дуьххьара дуьненан чемпион ву Бисултанов.


 Шен тIаьххьарчу шерашкахь охьатохархойн къона чкъор Iамош ваьхна Асламбек. 1992-чу шеран массех баттахь Нохчийчоьнан йохк-эцаран министр Iийра Бисултанов, амма, шена догIуш дацаре терра, дитира и дарж. дагалоьцу


Чемпионатехь эшначу Бюттнера шен книги тIехь къонах санна дагалоьцу Бисултанов. Лерг кагдина, дихкина а долуш кхечира шафинале, амма леташ шен чов цкъа а ца хьайира Бисултановс, ца ийцира атта эцалунболу пайда, боху немцочо.


Дуьххьарлера Советан пачхьалкхан спортан мастер

Эсембаев Вахина кхочу и цIе. Иза итт шарахь лаьттина Казахстанан йозалла айечу спортан тобан капитан. Хилла пачхьалкхан коьртачу тобан декъехь а.


Вина Эсембаев 1932 шарахь Соьлж-ГIалахь. Да хилла адвокат,  нана – лор, Нохчийчоьнан могашаллин урхаллан куьйгалхо.


1954 шарахь ваьлла Казахстанан а, Юккъерчу Азин а чемпион. Айъечу йозаллин терахьаш лаккхара нислушшехь, къайладохуш хилла цуьнан. Советан пачхьалкхан коьртачу тобане а язвина, 1956 шарахь Мельбурнерчу олимпиаде хьажош хилла Эсембаев, амма махкахдаьккхинчу къомах хиларна ца вахийтина.


1956 шарахь кхочушйина цо Советан пачхьалкхан спортан мастеран норматив.


Казахстанера цIавеъча белхаш бина Нохчийчоьнан спортехь. Даймахкахь Хьалхара тIом боьдуш, доллучух а ваьлла,  ваьхна Москох. Могашалла мел тоьа къахьегна кегий спортхой Iамош. Шераш даьхна кIелвисина, меттахь. Кхелхина 2014-чу шарахь.


Депортацера цIабаьхкинчаралахь хьалхарниг

Юккъерчу Азера цIадоуьйтучу къоманна даймахкахь дIатардала хьелаш ца кхачийнера Iедало. Тхов-кIело, даар-духар массара а лоьхучу юкъанна спортехь къахьоьгура Мадаев Супена.


1961 шарахь кхочушйира цо Советан пачхьалкхан спортан мастеран норматив. Депортацера цIабирзинчу вайнахалахь оцу дарже дуьххьара кхаьчнарг ву иза. 1941 шарахь вина Мадаев Супен.


Хьалхара дуьненаюкъарчу спортан мастер

Классикан кепехь охьатохархлаттархо Абдулаев Сайд-Ахьмад "дуьненаюкъарчу спортан мастер" цIе яьккхинчу нохчех духхьара ву – 1989-гIа шо.


10-за ваьлла иза Ленинградан чемпион. Хьалхара меттигаш баьхна Советан пачхьалкхан а, дуьненаюкъарчу а къовсадаларшкахь. 1965-72 шерашкахь лаьттина Советан пачхьалкхан охьатохархойн коьртачу тобанехь.


Тренеран белхашкахь а Iийна иза лаккхарчу даржашкахь. Охьатохархой Iамийна  Оьрсийчохь, Йеменехь, Либанехь, Шемахь, Германехь.


Дуьненаюкъарчу спортехь хьалхара арбитр

ХIолландехь веха вевзаш волчу спортхочун-охьатохархлатархочун Абдулаев Сайд-Ахьмадан воI Абдулаев Айдамар. Классикан кепехь ша вехачу махкахь чемпион хиларал а совнах, дзюдохь, паргIатчу а, желтойн-риман кепехь охьатохарехь а баьхна цо дукха толамаш.


ХIолландин латаран спортан арбитрийн комиссин куьйгалхо ву иза. 2009-чу шарахь хьажийна дуьненаюкъарчу арбитрийн тобане. Иза арбитр а волуш летта спортхой Данехь, Германехь, Чехехь, Францехь, Белгехь, кхин а дуккха а мехкашкахь.


2010-чу шарахь Сингапурерчу а, 2012-чу шарахь Лондонерчу а дуьненан олимпиадашкахь арбитр вара Абдулаев Айдамар. Олимпан категорин арбитр а ву иза.


Доьазза дуьненан чемпион

Ширачу Соьлжара Хасимиков Салман вина 1953-чу шарахь.  ПаргIат кепехь охьатохарехь лата Iама волийна Багаев Дэгис. 17 шо шен долуш кегийрхошлахь ваьлла дуьненан чемпион.


Советан пачхьалкхан чемпион вийлина дуьнеанюкъарчу еа чемпионатехь: Сан-Диегохь (1979), Скопьехь (1981), Эдмонтонехь (1983), Киевехь (1983).


1993-чу шарахь Японерчу профессионалан спортан федерацица хIоттийначу контрактца бушидо кепехь летира Хасмиков, яьккхира дуьненан чемпионан титул.


1992-чу шарахь Нохчийчоьнан Ичкерин президентан омрица Хасимиков хIоьттира къоман кхерамзаллин урхаллан куьйгалхо. Шарахь сов болх бира оцу даржехь.


Йозалла айарехь - уггаре дукха дуьненан рекордаш 

 Аьрга-Хишкара Сайдулаев Адам дуьххьара 1974-чу шарахь ваьлла дуьненан кегийрхойн къовсадаларшкахь чемпион 1976-чу шарахь. И дарж даьккхира цо рогIерчу 1977-чу шарахь а.


1981-чу шеран Iай цхьана сарахь Донецкехь йоьдучу Советан пачхьалкхан Кубкехь дуьненан рекорд доьазза хийцира Адама. Ерриг а шен спортан дахарехь цхьайтта дуьненан рекорд яьккхина цо.


Советан пачхьалкхан Эскарийн йохалла айъечу командин тренер а Iийра Сайдулаев массех шарахь.


Йозалла айарехь хьалхара дуьненан чемпион

Самадов ИбрахIим ву нохчех йозалла айарехь дуьненан чемпион ваьлларг – 1991-гIа шо, Донаушинген, Германи.


Кхаа спортхочо цхьатерра йозалла айира Барселонерчу Олимпан ловзаршкахь (1992-гIа шо), царех шен дегIан йозалла уггаре а еза нисъеллачу Самадовна ца елира 3-гIа меттиг бен.


Догдоьхначу ИбрахIима схьа ца ийцира шена кхачийна йоьза мидал. ТаIзардеш олимпан комитето даиманенна дисквалификаци кхайкхийра цунна. Амма ши шо даьлча магийра дуьненан спортехь дакъалаца, делахь а аьтто ца белира боьхна аьтто меттахIоттон.


1997-чу шарахь йитира цо спортан карьера, тренер ву карарчу заманахь.


Дуьненан олимпиадийн кхузза чемпион

Хасу-Юьртарчу паргIат кепехь охьатохархлатархочо Сайтиев Бувайсара шен хьалхара Олимпан мидал яьккхира 1996-чу шарахь. ШолгIаниг – 2004-чохь. КхоалгIаниг – 2008-чохь.


ПаргIат кепехь летачаралахь дуьненан уггаре дикачу спортхочун цIе пхоьазза елла цунна Дуьненаюкъарчу охьатохархлатархойн федерацино (FILA).


2005-чу шарахь йитира Бувайсара шен спортан карьера.  Дагестанан думин депутат ву ву иза.



Желтойн-риман кепан олимпахошлахь уггаре къона чемпион

Альбиев Исламбек 19 шо долуш ваьлла Олипмпан чемпион – иза воцург дуьненахь цхьа а ца кхаьчна оцу дарже желтойн-риман кеперчу охьатохарх


Пекинехь 2008-чу шеран Олипиадехь дегIан йозалла 60 кийла йолуш летачаралахь туьйлира Исламбек.


Маршо радионо цIеяхаза буьсу вуно дукха гоьбевлла бевза нохчийн спортхой. Ткъа Спортан Денна лерина карлаяьхнарш яц шатайпа рекордаш хIиттийначу къонахийн цIерш бен.



Загрузка...

Читайте на сайте

Другие проекты от 123ru.net








































Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net