92 доьзална керла хIусамаш елла Шелахь
Керла хIусамийн комплекс ян йолийнера цу гIалахь кхо бутт хьалха. Иза схьайоьллуш шоьтан дийнахь хиллачу церемонехь вистхуьлуш республикерчу паламентан гIантдас Даудов Мохьмада хаам бира, цу цIеношна чуховшийнарш Шелан юккъехь бехаш хилла доьзалш бу аьлла.
Нах беха цIенойн керла комплекс дакъа ду гIалана реконструкци яран. Шелахь еш ю, маьждигах а, 21-зза тIекIелйина бIаьвнах а, 12-за а, 16-за тIекъелдинчу 6 цIенах а лаьтташ йолу, "Шали-Сити" олу гIишлойн комплекс.