Москох талламхочо бехказваьккхина Нохчийчуьра кхо вахархо
Цу кхаа стеган адвокато Окушко Татьянас бинчу хаамца, бехктакхаман гIуллакх сацош ду церан бехк ца хиларна.
Маршо Радионо хаьлха дийцина ма хиллара, 2014-чу шарахь Гезгмашин-беттан 21-чу дийнахь Москохна генадоцуш Iуьллучу Рассказовка юьртахь хиллачу некъахьовзамехь вовшахкехттера 3 жима машен. Цхьана машенан бак ятIор бахьана долуш бензин Iаьнера цIе ялахь а аьлла, полисхой боцурш цига кхайкхийна хилла цӀеяйархой.
Цьарца дар-дацар хилла некъахьвзамехь дакъалаьцначу цхьана машенна чохь хиллачу нохчийн. Буй-тIарий хуьлуш травматикан тапча кхиссина хилла церах цхьаммо цигахь.
Оццу дийнахь полисхоша лецна некъахьовзам хиллачехула чекхволуш волу кхо нохчо.
Эшам хиллачу цIеяйархошна а, тешашна а царах цхьа а ца вевзина. Цундела уьш дIахецна. Амма дукха хан ялале юха а лецна кхо жима стаг - Ражапов Хьамид а, вежарий ЦетиевгIар Сайд-Мохьмад а, Хьусайн".
Оцу дийнахь дуьйне бале лаьцна кхобуш бара и нах Оьрсийчоьнан