Нальчикехь стаг верна лаьцна ницкъаллин структурийн ши белхахо
Цу агенталлан хьастанаша дийцарехь, кхечу регионера цу республике болх бан ваийтина хилла ши стаг ву лаьцнарг. Меттигерчу вахархочунна урс диттина цу шимма. И бахьана долу и стаг велла. Хилларг дIаяздина терго ечу видеокамерша.
"Регион Онлайн" сайто дийцарехь, конфликт хилла кху беттан 5-чохь. И стаг таксист ву моьттуш, шаьшшиъ хьешан цIенга дIавига, аьлла хилла цу шиммо. Важа реза ца хилча, дов даьлла церан.