Шемахь юхадолийна гIаттамхошна тIе бомбанаш еттар
Меттигерчу бахархоша дийцарехь, вийна 40 гергга маьрша вахархо. Тохарш деш ду Асад Башаран мутIахь долчу эскаран тIеман кеманаш, ткъа цхьаболчу хаамашца - Оьрсийчоьнан кеманаш.
Хаамийн гIирсаша дийцарехь, Асадан эскарш тIедуьйладелла Димашк провинцехь йолчу Малхбалера Гута анклавехь гIаттамхоша Iуналла деш ша цхьаъ йисинчу Дума гIалана.
Малхбузерчу пачхьалкхаша дукхаза бехке йина Асадан режим а, Оьрсийчоь а Малхбалерчу Гута кIиза бомбанаш еттарна а, маьрша бахархой байарна а.
ТIаьхьарчу беттанашкахь цу анклаван доккхах долу дакъа шен Iуналле эцна Асадан армино.