Кадыровн хиллачу векало чохь йоккху хан яхйина кхело
Цуцулаев бехке веш ву 4 зулам деш дакъалацарна. Царна юкъахь ду Iедалан векална ницкъ бар а, бозбунчалла лелор а, адам лачкъор а, ницкъ а беш, ахча даккха гIортар а.
Цуцулаев лаьцна латтош ву Москох. Иза воцург цу бехктакхаман гIуллакхана юкъахь ву верриг а 9 стаг.
Кхелахь вистхиллачу талламхочо дIахьедар дина, бехктакхаман гIуллакхан фигурантийн терахь кхин а алсамдера ду аьлла, яздо РИА Новости агенталло.