Шемарчу гIаттамхошка ултиматум кхайкхийна Асада а, Оьсийчоьно а
Цунах лаьцна хаам бина гIаттамхойн тобано шинарин дийнахь.
Малхбалерчу Каламунехь болчу гIаттамхошка хьажийна ултиматум цигарчу маьршачу нахе дIаелларг ву Оьрсийчоьнан полковник а, Шеман тIеман хIаваан ницкхийна талламан эпсар а, хаам бина Reuters агенталле гIаттамхойн векало.
Оьрсийчоьно а, ГIажарийчоьно а гIо дар бахьана долуш, шен хьал тодина, волу президент Асад Башар тIаьххьара дуьхьалонан тобанаш эшо гIерташ ву Шеман малхбузерчу гIаланашкахь.