Хенал хьалха губернаторан дарж дитина Тулеевс
Тулеевн метта губернаторан декхарш кхочуш дан хIоттийна Путина Цивилев Сергей.
Кемеровохь махбаран а, садаIаран а центрехь цIеяьллачул тIаьхьа критика ловш вара Тулеев.
Кремлан зорбанан сервисо билгалдоккху, цо губернаторан дарж шен лаамехь дитина хилар.