Венехь хан кхайкхийна Дунайн хийистехь шарI хIотто гIоьртинчунна
Шеца цхьаьна кхин а масех жимстаг а волуш цо осал мотт бийцинера даханчу яьхка хийистерчу хьуьнхахь садоIуш долчу австрихойн къоначу зудчунний, боьрша стагний. Хийрачу зудчунна тIехь шена ма-хетта духар дац аьлла реза ца хиллачу мухIажаро австрихочуьнга боьха мотт а буьйцуш, аьллера, цо шена тIе сихонца хIума ца йохахь, ша цу зудчунна маьттаза ницкъ бийр бу аьлла.
И къамел телефон тIе къайлаха дIаяздинера австрихочо. И бахьана долуш дукха хан ялале лецира Шамил цIе йолу 24 шо долу жимстаг а, цуьнца хилла 3 накъост а. Цкъа хьалха нохчийн къомах волуш санна вийцина хилла бехкевешверг Дагестанера хилар гучуделира пIераскан дийнахь Венехь дIаяхьанчу кхелехь. Цо хийрачу зудчунна а, цуьнца хиллачу боьрша стагна а кхерамаш тийсарна бехке а лерина, набахтехь баккха 5 бутт хан кхайкхира цунна кхело.
Амма цу тIехь дIа ца дирзина цу стеган гIуллакх. Австрерчу къайлахчу сервисашна гучудаьлла ма-хиллара, ши шо хьалха Берлинехь ярмаркехь тIе кир лелон машен а тоьхна нах байъина волу террорхо Амри Анис вевзаш хилла Дагестанерчу Шамилна. Иза цу хенахь Германехь Iаш хилла, цигахь а политикан тховкIело а ехна. Германехь масех зулам дарна лаьцна хилла дагестанхо хилар а гучудаьлла кхелехь.
Цундела цу жимчу стагана дуьхьал кхин цхьа а бехктакхаман гIулакх схьадилина, цуьнан террорхошца хIун зIенаш хилла бохург таллархьама.