Полицино лаьцна Хасавюртахь Нохчийчуьра йоI йийна зуламхо
Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Дагестанерчу урхаллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, хетарехь, иза еран бахьана ду эмгаралла.
ЙоI вуно къиза юьш яьккхина видео дIахIоттийна ю YouTube-хь.
"Кавказский узело" яздарехь, Хасавюрта болх бан еана йолу 32 шо долу Нохчийчуьра яхархо йийна иза евзаш волчу стага, лулахочуьнга йист хуьлуш гина аьлла.