ВорхI шо хан тоьхна нохчочух леттачу овхIанхочунна
Полицино чIагIдарехь, метро чохь ларамаза шена дуьхьал кхеттачу нохчочунна тIехь оьрсийн элпашца йоза яздина духар гича иза мича къомах ву а хиина хилла овхIанхочунна. Цкъа хьалха метро чохь коча вахнера иза шел дуккхаъ воккхахчу цу стагана. Амма тешаш юккъегIортар бахьана долуш и шиъ дIасакъастийнера.
Метро чуьра араваьллачул тIаьхьа талорхо юха а чугIоьртинера нохчочунна. Шех латагIертачу овхIанхочунна нохчочо буй тоьхча, шен накъосташца лерина нохчочунна тоха урс даийтина хиллера цо, кхелахочо процессехь билгалдаьккхина ма-хиллара. Урс тоьхна цо йиначу чевнах валанза ваьллера 34 шо долу нохчо.
Стаг вен гIортарна бехке леричну овхIанхочунна 7шо хан туьйхира кхело. Цуьнан кхаа накъостанна талорехь дакъалацарна 1 шарана тIера 2 шаре кхаччалца хенаш туьйхира.