RT телеканало сацош ду Вашингтонера шен эфир гайтар
RT телеканал кхин гур дац кабелан системашкахь. Цуьнан коьртачу редакторо Симоньян Маргаритас дийцарехь, Вашингтонехь кхин дIа а болх бийр бу цу телеканало, кхечу аьттонех пайда а оьцуш.
Симоньяна билгалдаккхарехь, RT эфир сацор доьзна ду цу телеканалан "кхечу пачхьалкхан агент" статус хиларца. Цу кепехь Russia Today-на регистраци йина стохка Лахьан-баттахь.