Чехин Iедалша Iамеркана дIавелла Оьрсийчуьра хакер Никулин
Меттигерчу зорбанан гIирсаша билгалдаккхарехь, Оьрсийчоьнан вахархо дIавелла Чехе визитаца Iамеркан Конгрессан Векалаллин чоьнан спикер Райан Пол веанчул тIаьхьа. Цо дIахьедар динера, Вашингтон ладоьгIуш ю ПрахIо Никулин Цхьаьнатоьхначу Шататшка схьаваларе аьлла.
ТIаьхьо Чехин республикан юстицин министралло бакъдина хакер Iамерке дIавелла хилар.
Чехийн полицино лаьцнера Никулин Евгений 2016-чу шарахь ПрахIехь, Iамеркан дехарца Интерполо еллачу ордерца.
Никулинан адвокаташа чIагIдора, ФБР-н агенташа Iамеркан Демократин партин ресурсаш яьстина президентан 2011-чу шеран харжамийн кампани йоьдучу хенахь, бохуш цуьнгара кийтаронаш яха гIертара.
Хакерна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийначу Оьрсийчоьно а дехара Чехин Iедалшка Никулин схьавалар.