Кадыров Украинера пранкер лаха кийча хиларх лаьцна хаийтина Нохчийчохь
"Нагахь цу тайпа Iедалан декхар цунна (Кадыровна) тIе диллахь, "Рамзан Ахматовича иза кхочуш дийр ду вуно лерина, ткъа Оьрсийчоьнан мостагIаша таIзар ловр ду", - даладо Умаровн дешнаш РИА Новости агенталло.
Хьалхо Оьрсийчоьнан талламан комитето хаам бинера, Кувиков дуьненаюкъарчу лехаме лур ву шаьш аьлла. Пранкерна дуьхьал Оьрсийчохь долийна (цабезам а, мостагIалла а кхолларна) бехктакхаман гIуллакх.