Видеокамерша дIаяздинчуьнга хьажа реза ца хилла Титиевн гIуллакх дIахьош волу талламхо
Карарчу хенахь талламан изоляторехь волчу Титиевс чIагIдо, наркотикаш шен машенчу полисхоша кхиссина бохуш.
Старопромыслан кIоштан суьдо кху беттан 6-хь хиллачу шен кхеташонехь кхин а шина баттахь талламан изоляторехь латто сацам бира Титиев Оюб.
Суьдхочо Минцаев Вахас кхерам бу аьлла хета шена элира Титиевс араваьлча оцу гIуллакхан тешашна а, талламхошна а Iаткъам барна.
Стигалкъекъа-беттан 9 де тIекхаччалц яхйина ю бакъонашларъярхочо чохь йоккхур йолу хан.