Пекино бакъ ца до Ким Чен Ын Китайхь хилла бохург
Хьалхо Къилбаседа Корейн куьйгалхо Ким Чен Ын Китай кхаьчна визитаца аьлла, хаам бинера Bloomberg агенталло, меттигерчу хьасташна тIе а тевжаш.
Хьалхо Ким Чен Ын-ан визитах лаьцна хаам бинера Японийн а, Китайн а зорбанан гIирсаша.
Билгалдоккхуш ду Къилбаседа Корейн лидер Китай цIерпоштаца вахана хилар. Иза дуьххьарлера визит ю Ким Чен Ын-а ша Къилбаседа Корейн куьйгалхо хIоьттичхьана кхеча пачхьалкхе йина йолу.
Хьалхо кху баттахь, Ким Чен Ын-ца дийцарш дIадахьа ша кийча хиларх лаьцна хаийтира Iамеркан президенто Трамп Доналда. Дуьйцаш дара цу шинан цхьаьнакхетар гергарчу шина баттахь хир ду бохуш.