Оьрсийчоьнан шпион лаьцна Полшехь
Цо дийцарехь, Марек В. цIарца вуьйцуш волу и стаг хилла энергетикан проекташ жоьпаллехь латточу даржехь. Оьрсийчоьнна информаци дIаелла цо "Северный поток 2" газан биргIа ца яьйта Варшаво йохур йолчу гIулчашца йоьзна йолу.
Полша дуьхьал ю, Украина а, Полша а юьтуш, хIорда бухула Оьрсийчуьра Германе йоьду и биргIа тасарна. Варшавана хетарехь, цу газан биргIано чIагIйийр ю «Газпром» компанин Юккъерчу а, Малхбалерчу а Европехь газ йохкарехь йолу позицеш, Европа Оьрсийчуьрчу газах йоьзна хилар алсам а доккхуш.