Lenta.ru: Оьрсийчохь лехамехь волу Турлаев гайтина Кадыровc шен видеохь (видео)
Цо дийцарехь, цкъа дуьххьара лаьмнаш, тIаккха даарех дуьзна шун, юха и даарш шеца даа гулбелла шен накъостий гайтира республикан куьйгалхочо. Царна юкъахь вара Хасав-юьртан мэр хиллачу Умаханов Сайгидпашана а, политикана Ямадаев Iийсана а тIелатарш вовшахтохарна 2010-чу шарахь дуьйна феделаралан лехамехь волу Турлаев. «Тоьллачех а тоьлларш», - комментари йира видео йоккхучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо, - яздо Lenta.ru сайто.