"Новая газета": Турлаев дIаваьккхина Оьрсийчохь лоьхуш болчу нахана юкъара
2010-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураша лоьхучу нахана юкъатоьхна вара Турлаев. Цунна бехке дуьллуш дара цхьамогIа нахана тIелатарш вовшахтохар.
"Новая газето" дагадоуьйту Турлаев хьалха Нохчийчоь маьрша хилийта гIертачу сепаратисташ олучу нахана юкъахь тIом бина хилар. 2004-чу шарахь, чов хиллачул тIаьхьа, иза Оьрсийчоьнан Iедалшна тIевахара, Кадыровс юкъарло а лелийна.
Амнисти йинчул тIаьхьа Турлаевх хилира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хьехамча. Кадыров Рамзана динчу дIахьедарца, цу даржехь ву иза хIинца а.