ЧIогIа мох баларна ши кIошта ток йоцуш йисна Нохчийчохь
Нохчийчохь лаьмнашца йолу ши кIошта ток йоцуш йисна, чIогIа мох баларна. Цунах лаьцна хаам бина республикерчу МЧС-н урхалло, яздо Интерфаксо.
Шинарин Iуьйранна чIогIа мох хилла Шаройн а, Итум-Кхаллан кIошташкахь. И бахьана долуш ток дIаяьлла цигахь. Тазбичи а, Тухсарой а ярташкахь жима-тIама дохийна иттех цIа.
Карарчу хенахь тоькаца кхачо яр меттахIоттош болх беш бу говзанчаш. Кхин вийна а, лазийна а стаг вац.