Треберчу теIелатаран декъашхо хила мега зуда лаьцна Францехь
Iедалша йовзийтина тIелатар динчу стеган цIе. Иза ву 25 шо долу Мароккора схьаваьлла Лакдим Редуан.
Зазадоккху-беттан 23-чохь цо машен ядийнера, цуьнан долахо а вуьйш. Цул тIаьхьа плисхошна герз диттинера цу стага, царах цхьанна чов а еш.
Зуламхочо, туькана чу а ийккхина, закъалтхой лецнера. Штурм еш вийна 2 стаг. ТIелетар динарг вийна полисхоша. Цо доьхург хилла 2015-чу шарахь Лахьан-баттахь Парижехь терроран тIелатар дарна чувоьллина волу Абдеслам Салахь дIахецар.
Парижехь хиллачу терроран тIелатаршкахь вийна 130 стаг.