Несар-коьртан маьждиган имам волчура дIавала дагахь ву Чумаков
Рузбане гулбелллачу наха аьттехьа тIе ца дитина иза дIавалар. Дукха наха ца магийна цунна иза. Цуьнах хаам бина маьждигехь хиллачу наха.
Чумаков Хьамзат Къилбаседа Кавказехь вевзаш имам ву. Цуьнан хьехамашка ладогIа дукха нах гулло луларчу мехкашкара а. Чумаков гIараваьлла Iедалшна ира критика ярца. Масийттаза имам вен гIоьртина муьлш бу ца хуу нах.
ТIаьхьарчу хенахь Чумаковн гIоьртина юкъаметтигаш яра меттигерачу муфтиятца.