Трампа къоман кхерамазаллехула волу шен хьехамча хIоттийна Болтон
Болтон шен декхарш кхчуш дан волалур ву Охан-беттан 9-чу дийнахь дуьйна. Цо хуьйцур ву цу даржехь, стохка Чиллан -баттахь Флинн Майкл дIаваханчул тIаьхьа, президентан кхерамазаллехула волу хьехамча хIоьттина хилла инарла Макмастер.
Болтон вевзаш ву шен консерваторийн ойланашца. Охан-беттан 15-чу дийнахь, Foxnews телеканалана интервью луш, цо дIахьедар дира Солсберехь динчу тIелатарна «вуно кхоьтуйтуш жоп» дала деза аьлла. Путин Владимирна хаийта деза, нагахь цо цу тайпаниг кхин дахь кхин а чIогIа чулацаме бекхам хирг хилар, бохуш вара иза.