Дагестанера вахархо вийна Москох
Полисхоша бинчу хаамца, цуьнан дов даьлла хилла, дийцарехь, Юккъерчу Азера схьаваьллачу Мухьаммад цIе йолчу стагаца. Юкъаметтигаш тIаьхьо къасто хан йиллина цу шина стага.
Сарахь 8 долуш Магомедов шен накъосташца дIакхаьчна йиллинчу метте. Цигахь хиллачу латарехь чов йинчул тIаьхьа Магомедов велла, накъосташа дарбанан хIусаме дIавуьгуш.