Савченко лаьцна Киевехь
Украинин парламент еарин дийнахь реза хилира Украинин инарлан прокуратуро Савченко жоьпе озо а еза, лаца а еза, чуйолла а еза аьлла динчу дехарна.
Лаккхарчу Радехь иза дан бакъо луш кхаж тесначул тIаьхьа хилла йолу пилот араелира, амма ,гергарчарца а, шен агIончашца а къамел а дина, Лаккхарчу Раде юха чуеара иза. Эццехь лецира Савченко.