Ши нохчо чувоьллина, Шема ваха дагахь хиларна бехке а вина
Кхелан сацамехь аьлла ду, Сугаипов Адам а, Мурдиев Юни а Туркойчухула Шема ваха дагахь хилла аьлла. И шиъ лаьцна дозанхоша Краснодаран аэропортехь талламан пунктехула чекхволуш.
Сугаипов а, Мурдиев а бехке лаьрра "терроран организацехь дакъалаца кечлуш хилла" аьлла. Хьалхарчо набахтехь доккхур ду 7 шо, шолгIа чувоьллина, 8 шо хан а тоьхна. Дина таIзар токхур ду шина нохчочо режим чIагIйинчу колонехь.