Некъайисте нехаш охаьйоьхкинчуьнга шега дIаяхийтина уьш ГIалгIайчохь
Буьйсанна "Кама"з машен юьззина нехаш некъа йистехь охьайоьхкина цхьаммо. Арахь деана догIа долун дела, машенийн ларшца карийна нахана иза динарг.
Социалан машанера гIалгIайн жигархойн агIонаш тIехь бечу хаамца, охьайоьхкинчуьнга шега дIаяхьийтина нехан. ОьгIазбаханчу наха, кхечарна масал хилийтархьамма, куьйгашца машенна тIейоттийтина цу стаге ша охьаIанийна нехаш.