Кхо Iамеркахо дIахеца мегаш ву Къилбаседа Корейно
Iамеркан лаам дIахоуьйтуш ю Къилбаседа Корейхь Швецин векалалла.
Зазадоккхучу-беттан 9-чу дийнахь хиина, Iамеркан президент Трамп Доналд цхьаьанакхета реза хилла хиларх лаьцна Къилбаседа Корейн лидерца Ким Чен Ыном. Цкъачунна болчу хаамца, и шиъ цхьаьнакхетар волуш ву Стигалкъекъа-баттахь.