ВЦИОМ-ан экзитполаш: Хьалхарчу турехь толам Путинехь бу
Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсийн хьесапца, экзит-пол ишттIа хIоьттина:
Путин 73,9%
Грудинин 11,2%
Жириновский 6,7%
Собчак 2,5%
Оьрсийчоьнан 2018-чу шеран президентан харжамашкахь дакъалоцуш бара, декхарш кхочушдеш волу пачхьалкхан урхалхо Путин Владимир а, КПРФ-н цIарах Грудинин Павел а, ЛДПР-н лидер Жириновский Владимир, "Яблоко" кхоьллина Явлинский Григорий а, "Гражданская инициатива" партин цIарах Собчак Ксения а, кхиаман Партин хьалханча Титов Борис а, " Оьрсийчоьнан коммунистийн" лидер Сурайкин Максим а, "Оьрсийчоьнан юкъарчу союзан" кандидат Бабурин Сергей а.