Собчакан а, Грудининан а тергамчаш бу Соьлжа-ГIалахь харжамашкахь
Билгалдоккху, Нохчийчохь дIахьочу харжамашна тIехь терго латтош ву кандидаташа а, политикан партеша а, мехкан Юкъараллан палатано а хьалхатеттина 3,5 эзар стаг. Бу царлахь дуьненаюкъара а.
Аккредитаци кхаьчначу 100 гергга регионерчу а , Оьрсийчуьра а жерналисташа дуьйцур ду харжамех лаьцна.