Сенатор хила дагадеана Джабраилов Iумарна
2004-2009-чу шерашкахь Нохчийчоьнан цIарах сенатор вара Джабраилов Iумар, ишта федерацин Кхеташонан куьйгалхочун дуьненан юкъарчу гIуллакхашкахула гIовс а, ПАСЕ-хь оьрсийн делегацин декъахо а вара иза.
Маршо Радионо дийцира, кху аьхка Four Seasons отелехь герзаш диттина аьлла Москохарчу полицино лацарх Нохчийчоьнан цIарах Федерацин Кхеташонан векал лаьттина, «Аванти» ассоциаци кхоьллина Джабраилов Iумар. Бехктакхаман гIуллакх долийнера совдегарна дуьхьал.
Кхело наркотикаш лелорна 4 эзар сом гIуда тоьхнера Джабралиловна
"Нерваш жимма меттахъевллера сан, со къера ву сайгара даьллачунна. Отелан белхахошкара цатам хиллера суна, амма ас цхьанна а дина зен дац", - аьлла, вистхиллера "Вести" агенталле Джабраилов Iумар.