Титиев Аюбан рогIера арз толлур ду оршотдийнахь
Бакъонашларъяран "Мемориал" центро кхойкху цу дийнахь кхеле журналисташ а, бакъонашларъярхой а, иштта Титиевх доглозурш а.
"Дуьйлийша дог эца тхан белхан накъостан, доттагIчун, дикачу стеган", - аьлла, яздо "Мемориало" Фейсбукерчу шен агIон тIехь.