Косметологин центраш толлуш ю Нохчийчохь
Лицензино магийна педиатрин, анестезин, кардиологин говзанчаш бац оцу центрашкахь, иштта шаьш йинчу операцех деш йозанаш а дац.
Операцеш ян говзалла йолу нах а бац цигахь болх беш. И йоллу къепенаш битаме яло хан елла царна Iедалхоша.
Цу кепара талламаш йоллу республикехь дIабахьа сацам бина комиссин декъашхоша.
ТIейогIучу хенахь, низамашкахь болх беш йоцу косметологин, пластикан хирургин клиникаш я дIакъовлур ю, я даккхий гIуданаш деттар ду царна.