Министр: Вакцина ца йина хиларна 10 бер делла стохка Нохчийчохь
ТIаьххьарчу заманчохь Нохчийчохь а, Оьрсийчохь а дуккхаъчу дайша, наноша дуьхьалонаш йира берашна мехий ца доьттуьйтуш, вакцина зене ю бохуш.
Стохка гурахь Оьрсийчоьнан могушаллин министро Скворцова Вероникас дIахьединера, шайн берашна вакцина тохарна дуьхьал болу дай-наной жоьпе озо беза аьлла. Цо дан деза бохучу таIазаршна юкъахь дара ахчанца гIуда тохар а.