Мехкан куьйгалхочун Администрацино акци йолийна "Со харжамашка гIур ву" аьлла
Эстафетехь уггар хьалха дакъалаьцна Администрацин куьйгалхочо Израйилов IабдулкъахIира. Социалан машанехь шен сурт оьллина цо "Со харжамашка гIур ву" аьлла, тIе а яздина.
Акци йолийна шинарийдийнахь. Амма хIинцале цу юкъахь шайн позици дIахаийтина иттанашкахь махкарчу хьаькамаша.