Муцураевн иллеш даржорна таIзар дина Гуьмсерчу вахархочунна
"ВКонтактерчу" шена агIон тIе масех Муцураевн илли даьккхина хилла бехкевечо. "Низамца а догIуш, цу кепарчу зуламна 3 эзар сом гергга гIуда догIу я административан таIзар – чохь даккха 15 дей, буьйсий", - аьлла, дийцина прокуратуран векало агенталле.
Гуьмса кIоштерачу вахархочух ши эзар сом хьарчийна кхело.
Дахначу шарахь, "Кавказан узел" агенталлан зерашца, 6 Нохчийчоьнан вахархочунна таIзар дина Муцураевн иллешка ладогIарна.