Собчак: ГIирмех тIаьхьарчу тIаьхьенна а бала хир бу
"ГIирма бахьана долуш тахана санкцеш а тоьхна вайна, доллучу дуьненца яккхий проблемаш а ю вайн, йогIу йолчу хенахь сан берийн дезар ду ГIирман проблемаш ерзо. Дера ю и йоккха проблема", - аьлла, дIахьедина Собчака.
Иштта цо дийцина, ща гуманитаран миссица ГIирме яха дагахь хиларх а. Харжамаш бахьанахь ша шена агитаци ян йоьдуш яра цига бохуш, хаамийн гIирсашкахь дуьйцург харцдина Собчак Ксенияс.
Дахначу шинарийдийнахь Украинан векалте дехар динера Собчака, шена ГIирме яха пурба далар доьхуш.