Непалехь кема доьхна, нах белла
Хьалхо хаам баьржира, Bombardier Q400 ("Бомбардье Кью-400") олу Даккера Катманду доьду кема хьалагIоттучу а, охьадусучу а асанера а даьлла, даьгна бохуш.
Франс Пресс агенталлан информацица, US-Bangla Airlines ("Ю-эс-бангла эйрлайнс") авиакомпанин кема доьхначу меттигехь, Непалан дуьненаюкъарчу Трибхуван аэропортехь, беллачийн декъий дара аьлла.