Нухажиев: Нохчийчуьра 92 процент бахархоша Путин хоржур ву
Талламчийн зерашца, 90 процент сов бахархой харжамашка баха лерина бу, ткъа царлахь 92 % Путин Влдаимирна кхаж тосур бу шаьш аьлла. 2% гергга наха шаьш Грудинин Павел хоржур ву аьлла.
"Бухабисинчу кандидаташна цхьа процент кхаж а ца кхаьчна" , - хаамбина "Диалог" юкъараллан куьйгалхочо Аюбова Лайлаа.
БIеннаш тергамчаш хир бу аьлла омбудсмено Нухажиев Нурдис Нохчийчохь харжамашна тIе хIиттина. Ишта махкарчу харжамийн комитетца цхьана кхаж тосучу меттигашкахь терго латтош хир бу бакъонашларъярхочун аппаратан белхахой а.