Си Цзиньпин куьйгалхо виса магош хийцамаш бина Китайхь
Конституцин тIетохар тIеэцна хIора шарахь хуьлучу кхеташонехь, тахана, Зазадоккху-беттан 11-чу динахь. Ши делегат дуьхьал хилла цу хийцаманна, кхоъ шайна хетарг ца хоуьйтуш сецна. Кхаж тасарехь дакъалаьцна 3000 делегато.