Вайнехан кхачанаш а кечбеш, зударийн де даздина Венерчу нохчаша
Венерчу интеграцех йолчу магистратаца цхьаьна вовшахтоьхначу цхьаьнакхетарехь гулбеллера нохчийн наной шайн доьзалшкарчу зудберашца цхьаьна.
Хьалакхуьучу мехкаршна нохчийн кхачанаш муха бо а гойтуш, цхьаьна цхьаьна чIепалгаш а, хингалш а, кхин долу нохчийн даарш а кечдира даздаре гулбеллачара. И кхачанаш шуьне оьзда охIахIоттор а, хьаша-да тIелацаран а, цуьнан хьашташ кхочущдаран а гIиллакхаш а Iамийра нохчийн кхиазхошна.
Нохчийн кхачанех а кхеташ, вайнахаца цхьаьна даздаршкахь дакъалаца баьхкинера меттигерчу къаьмнех зударий.