Сутара хиларца гIараваьлла бизнесхо 7 шаранна набахте хьажийна Iамеркехь
Шкрели цIе гIараелира дуьнененрчу газеташкахь 2015-чу шарахь, цо, ВИЧ-инфекцийна дуьхьал даьккхина молха арахоьцу Daraprim фирма а эцна, 13,5 доллар доккхучу цхьана буьртиган мах 750 долларе хьалабаьккхинчул тIаьхьа.
Амма хIинца цунна кхел яр доьзна дац цуьнца. Шкрелина хан тоьхна финансашца бозбунчаллаш лелорна.