Financial Times: Скрипаль махкахваьлча а болх беш хилла Британин талламан сервисана
Цу газетан хьастано дийцарехь, иза хила мега Скрипаль вен гIортаран бахьана. Цунна хууш баш къайленаш ца хилла, амма полковникан хууш хилла муха болх беш ю Оьрсийчоьнан талламан сервисийн система.
Скрипаль дIадаханчу кIирандийнахь дIакхачийнера дарбанан цIийне, Солсбери гIалахь махбаран центран уллехь цунна во хиллачул тIаьхьа. Цуьнца цхьаьна клинике охьайиллина цуьнан йоI а.
ББС-ин кхерамазаллан хаттаршкахула волчу корреспонденто дусту хилларг Литвиненко Александр верца. ФСБ-н белхахо хилла волу Литвиненко вийра Лондонехь 2006-чу шарахь, полоний олу дIовш а малийна.
Скрипаль а, ткъа иштта Iилманча Сутягин Игорь а, кхин а оццу бахьанца чувоьллина ши стаг, Запорожский Александр а, Василенко Геннадий а, хийцира Iамеркехь гучубевллачу Оьрсийчоьнан шпионех 2010-чу шарахь. Царна юкъахь вара Арахьарчу Талламан сервисан (СВР) инарла-майор Васенков Михаил а, Чапман Анна а.