Нохчийн йоIа яьккхина фильм гойтуш ю Австрерчу кинофестивалехь
„ТIеман монаш“ цIе йолу йоца документаран филм цу йоIан дуьххьарлера болх бу. Цу чохь Европехь кхуьуш болу нохчийн кегирхой бу шайн а, шайн къоман а кхолламах лаьцна дуьйцуш. Шайн дай-наноша лайначу къам дохоран баланех а, шаьш лайначу тIеман баланех а,нохчийн къоман дIадаьллачух а, карарчу хенах а дуьйцу цара.
Кхушарахьлера Дорнбирнера кинофестивал адамийн бакъонийн темина хьажийна ю. Иза яхлур ю кху беттан 10-чу кхаччалц.