Нохчийчохь ФСБ-н беркема чудеанчу метте боьлхуш бу орцанхой
Орцанхой хIицна а тIекхачаза бу бохам хиллачу меттигана. Иза 20 сов чакхарма бен кхин гена яц Гуьржийчоьнан дозанна.
Беракема чудожаран бахьана хууш дац. Кху деношкахь нохчийн лаьмнашкахь къеггина кхетта малх бу, цундела Iаламан бахьанаш ца хила а тарло цунна бехке.
Делахь а, РИА Новости агенталло, дозанхойн сервисан векална тIе а тевжаш, хаам бина беркема охьадоьжначу меттехь догIанца догIуш ло ду иза хила мега бахьана аьлла.